ГИМН Чеченской Республики
ТЕКСТ
Государственного гимна Чеченской Республики
(слова Х-А. Кадырова)
Харцоно ц1е тесна, хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна — г1аьттина яха.
Кавказан ткъес хилла — маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.
***
Барт болу хьан къаьмнаш — мах боцу беркат! —
Хьо йоцург Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.
***
Башламан баххьашка дайн синош дуьссу,
Органан тулг1ено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла –
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!
***
Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Халкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!
0 total views